Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нахаца леларг бода тІебаре хьоьжу, цунна моьтту: „Со цхьанна а гур вац“, шен юьхь а цо туьтмІаьжигаца дІакъовлу. Хьан цІе шайна евзинарш Хьуна тІетевжа, хІунда аьлча, Веза Эла, Хьо лоьхурш Ахьа дІатесна ца буьту. Харцдерг дуьйцу церан меттанаша. Тарраш санна, ду уьш. «Хьанна хезар ду тхо?» – боху цара. Цара боху: «Везачу Элана хІара ца го, Якъубан Дала хІокхуьнан тидам ца бо». Къа ду шайн дагахь дерг Везачу Элах лачкъо гІертачийн, цара боданехь до шайн зуламе гІуллакхаш: «Вай хьанна го? Вай дийриг хьанна хаьа?» – бохуш. ТІаккха Цо элира: «Адаман кІант, гой хьуна Исраилан халкъан къаноша боданехь, шайн-шайн цІушна лерина йолчу меттехь, дийриг? Цара хІораммо а ша-шега боху: „Тхо Везачу Элана гуш дац, Веза Эла хІокху махка тІера дІавахана“».
Выбор основного перевода