Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь хьо даггара Дела лоьхуш велахь, нуьцкъалчу Деле дехарш ахь дахь, хьо билггал дика а, догцІена а велахь, Иза хьуна орцах ван хьелур вац, хьуна йогІу хІусам Цо тойийр ю. Хьан дог чІогІа Далла тІетевжаш хила деза, Цуьнга дІакховдо деза ахьа хьайн ши куьг а. Хьайн куьйгашна тІе вониг латийнехь, хьайгара генна дІакхосса деза ахьа, ткъа хьайн четар чохь зулам а ма Іайта. Везачу Эло мисархошна таІзар дийр ду. ТаІзар а дина, юха мисархой тобийр бу Цо. Уьш Везачу Элана тІебоьрзур бу. Церан доІанаш а хезна, царна дарба дийр ду Цо. Церан диканна Аса церан терго йийр ю, уьш хІокху махка юха а балор бу. Аса уьш юхаметта а хІиттор бу, бохор а бац. Аса уьш дІабугІур а бу, орамашца схьабохур а бац. Шайн дай баьхначу заманахь дуьйна Сан парзаш тІера дІадирзина шу, аша уьш лар ца дина. Суна тІедерза, тІаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Амма аша хотту: „Муха тІедерза тхо?“ – олий. ХІинца ас шу дІало Деле. Цуьнан къинхетамах болчу хазачу кхоо шу Іалашдийр ду, хІунда аьлча цо шу чІагІдан а, Делан нахана юкъахь декъахой хилийта а мега.
Выбор основного перевода