Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо Деле доІа дийр ду, ткъа Дела цунна тамехь хир ву. Деле Іибадат а деш, цо воккхаверца мохь хьокхур бу. Дала цуьнан нийса хьал юхаметтахІоттор ду. Уьш бахьана долуш, къечеран узарш Далла хьалха ду, ткъа гІело хьоьгучеран узарш а Цунна дІахезаш ду. Боккхачу гуламехь Хьуна лерина хастамаш бо аса. Цунах кхоьруш болчарна хьалха сайн ваІданаш кхочушдийр ду аса. Ахьа Далла сагІина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де. Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха. Ас хьо кІелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду». Ахь кхайкхича, Везачу Элана хезар ду, ахь орца даьккхича, Цо эр ду: „Со кхузахь ву!“ Ахь хьо волчуьра Іазап латтор дІа а даккхахь, пІелг айарца стаг бехкеван а, стаг сийсазвеш долу къамел а сацадахь, Цара кхайкхале, Ас жоп лур ду. Уьш къамел деш хир бу, ткъа Суна хІинцале хезар ду.
Выбор основного перевода