Цуьнан когаша иза бойнна тІе вуьгуш ву, бойнан машшаш тІехула иза воьдуш ву.
Цуьнан кІажа гуро дІалоцуш бу, кІелоно иза схьахоьцуш а вац.
Къайлаха речІанаш цунна лаьттахь йоьгІна ю, цуьнан некъаш тІе доьгІна гураш а ду.
Массо а агІор цунна тІегІерташ кхерамаш бу, иза цхьана меттера вукху метте вуьйлуьйтуш.