Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхой ГебаІ-гІалина гонах кІело йина дІахІиттира. Церан эскар кхозлагІчу дийнахь, хьалха санна, ГебаІ-гІалахь бен-яманхошца тІом бан кийчча дІахІоьттира. Бен-яманхойн эскар, гІалара ара а даьлла, исраилхошна дуьхьал делира. Исраилхой юхабевлча, бен-яманхой царна тІаьхьабевлира. Исраилхоша иштта бен-яманхойн эскар гІалина гена даьккхира. Уьш, хьалха санна, исраилхой хІаллакбан буьйлабелира. Цара иштта ткъе итт стаг вийра. Цхьаберш аренгахь байира, вуьйш Бетал-гІала а, ГебаІ-гІала а боьдучу новкъахь байира. Бен-яманхоша элира: «Уьш вайна хьалха, хьалха санна, охьаэгаш бу». Ткъа исраилхоша элира: «ДІа а девдда, вай уьш гІалина гена баха беза, некъаш долчу агІор дІа а берзош».
Выбор основного перевода