Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа ахь хьайн некъан Іаса хІорда тІехула дІалаца. ХІорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тІехула чекхбевр бу. Рапидаме а баьхкина, исраилхошца тІаме бевлира Іамалекхахой. Мусас ЮшаІе элира: «Къонахий а харжий, Іамалекхахошца тІом бан гІо. Кхана, гу тІе а ваьлла, дІахІуттур ву со, Дала тамашийна хІуманаш гойту Іаса сайн буйна а лаьцна». Мусас бохург кхочушдеш, Іамалекхахошца тІом бан вахара ЮшаІ. Муса а, АхІарон а, Хьор а гу тІе хьалавелира. Мусас куьйгаш хьалаайича, исраилхой тоьлура, ткъа цо уьш охьадахийтича, Іамалекхахой тулура. Амма Мусан куьйгаш, айина латтийна, дазделлера. ТІаккха иза тІулга тІе охьа а хаийна, АхІарона а, Хьора а, цхьацца агІор а ваьлла, цуьнан куьйгаш, хьала а айина, дІалецира. Малх чубуззалц айина латтийра цара Мусан куьйгаш. Иштта Іамалекх а, цуьнан халкъ а шен туьраца эшийра ЮшаІа. Везачу Эло Мусага элира: «ХІокху тІамах лаций тептар тІехь дІаязде, тІейогІучу тІаьхьенашна хІара дагахьлаттийта. Ткъа ЮшаІе ала, Ас Іамалекхахой лаьтта тІера тІепаза бойур бу алий». Цигахь сагІа доккху меттиг кеч а йина, цуьнан цІе, «Веза Эла сан байракх ю» аьлла, тиллира Мусас. Гоьмукъ карахь а болуш, ша хьалаайина куьг охьа ца дахийтира ЮшаІа, ГІай-гІалин массо а вахархо хІаллакваллалц. ЭлишаІана цамгар кхийтира. Цу цамгарх тІаьхьо иза вала а велира. ЭлишаІ волчу исраилхойн паччахь ЯхІуаш веара. Цо, ЭлишаІана тІе а хІоьттина, велха а воьлхуш, бохура: «Ва сан да! Исраилхойн тІеман гІап а, церан ницкъ а ма бара хьо!» ЭлишаІа цуьнга элира: «СекхаІад а, пхерчий а схьаэца». ЯхІуаша схьаийцира секхаІад а, пхерчий а. Исраилхойн паччахье ЭлишаІа элира: «Хьайн куьйгаца Іад дула». Паччахьо шен куьйгаца Іад дуьйлира. ТІаккха ЭлишаІа шен куьйгаш паччахьан куьйгашна тІедехкира. «Малхбалехьа долу кор дІаделла», – элира ЭлишаІа. Паччахьо кор дІадиллира. «Пха кхосса», – элира цо. Паччахьо пха кхоьссира. ТІаккха ЭлишаІа элира: «Везачу Элера болу, толам баккхаран пха бу иза! Арам-махкана тІехь толам баккхаран пха бу иза! Ахьа, буьззина толам а боккхуш, Апакх-гІалахь арамхой хІаллакбийр бу». ЭлишаІа элира: «Дисина пхерчий схьаэца». Паччахьо уьш схьаийцира. ТІаккха ЭлишаІа элира: «Лаьтта тоха и пхерчий». Кхузза лаьтта а тоьхна, паччахь сецира. Делан стага, оьгІаз а вахана, элира цуьнга: «Ахьа пхоьазза я йолхазза лаьтта тоха ма дезара пхерчий. ТІаккха кхоччуш хІаллакбийр бара ахьа арамхой. Ткъа хІинца кхузза бен толам боккхур бац ахьа царна тІехь».
Выбор основного перевода