Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас куьйгаш хьалаайича, исраилхой тоьлура, ткъа цо уьш охьадахийтича, Іамалекхахой тулура. Амма Мусан куьйгаш, айина латтийна, дазделлера. ТІаккха иза тІулга тІе охьа а хаийна, АхІарона а, Хьора а, цхьацца агІор а ваьлла, цуьнан куьйгаш, хьала а айина, дІалецира. Малх чубуззалц айина латтийра цара Мусан куьйгаш. ТІаккха Везачу Эло элира ЮшаІе: «Хьайн карахь болу гоьмукъ ГІай-гІалина тІехьажабе, Ас хьан кара дІало иза». Шен карахь болу гоьмукъ гІалина тІехьажийра ЮшаІа.
Выбор основного перевода