Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала шуна дІалуш ду хІара латта. Шун дайн Везачу Дала шайга ма-аллара, дІа а гІой, и латта шайн дола даккха. Кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила“. ма кхералаш царах, амма дагадаийталаш шун Везачу Дала пирІунна а, берриг а мисархошна а динарг. Ас тІедуьллу хьуна: чІогІа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву». Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ас хьан кара дІало Ерихон-гІала шен паччахьца а, тІемалошца а. ЮшаІа элира цаьрга: «Кхера а ма кхера, доха а ма доха, чІагІлой а, доьналла долуш а хила. Аша тІом бен болчу шун массо а мостагІашца иштта хир ву Веза Эла».
Выбор основного перевода