Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала шайн дола даккха тІедуьгучу лаьтта тІе шу далийча, Герзим-лам тІера декъалдаран дешнаш дІаала, ткъа Іейбал-лам тІера неІалт кхайкхоран дешнаш дІаала. Оцу дийнахь Мусас, иштта а олуш, халкъана тІедиллира: «Йордан-хих дехьадевлча, Герзим-лам тІехь хІара тайпанаш дІахІитто деза халкъ декъалдайтархьама: ШимІин, Левин, ЯхІудан, Иссарханан, Юсупан, Бен-Яманан тайпанаш. Ткъа неІалташ дІакхайкхадайтархьама Іейбал-лам тІехь дІахІитто деза: Раабанан, Гадин, Ашаран, Забулан, Данан, Напталан тайпанаш. Айдинчу озаца дІакхайкхош левихоша массо а исраилхошка иштта эр ду: ХІара товрат-хьехам, дІа а язбина, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ лелочу левихойх болчу динан дайшка а, исраилхойн массо а къаношка а дІабелира Мусас. Схьагулделаш халкъ: божарий, зударий, бераш, шун гІаланашкахь хин болу шуна тІебогІун берш а. ЛадогІийта цаьрга, Іамийта уьш шун Везачу Деле ларамах дуьзна хила а, хІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдайта а. Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ лелош болчу левихошка иштта а олуш, омра дира:
Выбор основного перевода