Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьттах Суна лерина сагІа доккху меттиг а яй, цу тІехь дийнаташ дагоран а, барт баран а сагІанаш даха, шайн уьстагІий а, стерчий а далош. Сан цІе шуна дагаяийта Ас билгалъяьхначу массо а меттигашкахь, Со тІе а вогІуш, Ас шу декъалдийр ду. Нагахь шаьш Суна лерина сагІа доккху меттиг тІулгех еш хилахь, хьаькхначу тІулгех ма е иза. ТІулг хьокхучу гІирсо уьш Далла хьалха бехдийр ду. Цигахь шайн Везачу Далла лерина аьчка гІирсаца ца хьаькхначу тІулгех сагІа доккху меттиг кечъе. И меттиг, дийнначу тІулгех а кечъяй, дІахІоттае, оцу тІехь шайн Везачу Далла лерина сагІанаш даха.
Выбор основного перевода