Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь аша шайн Везачу Дала аьлларг дахь, иштта декъалдар хир ду шуна: ГІалахь а, арахь а декъала хир ду шу. Декъала хир ду шух схьадаьлла чкъор, шун лаьттах схьабаьлла стом, шун даьхнех – стерчех а, койх а схьадаьлла дохкана. Декъала хир ду шун ялтин тускарш а, декъала хир ду текхаш а. Декъала хир ду шу чудовлуш а, арадовлуш а. Шуна дуьхьалгІевттина мостагІий эшор бу Везачу Эло: цхьана новкъахула шуна дуьхьалбевр бу уьш, ткъа ворхІ новкъахула шух бовдур бу уьш. Шун чІоьнашкахь а, шун куьйгаш дІакхеттачу массо а хІуманна тІехь а декъалдар хуьлуьйтур ду Везачу Эло. Ша лур ду аьллачу лаьтта тІехь шу декъалдийр ду шун Везачу Дала. Шун Везачу Дала тІедиллинарг кхочуш а деш, Цуьнан некъашкахула шу лелахь, Цо шуна чІагІо ма-ярра, шух Шен къастийна халкъ дийр ду. ТІаккха дуьнен чуьра дерриг а халкъаш шух кхоьрур ду, Везачу Элан цІе шуна тІехь хилар а гина. Везачу Эло шуна массо а дикачу хІуманна тІехь беркат хуьлуьйтур ду. Дуккха а бераш а хуьлуьйтур ду шун, шортта дохкана а хуьлуьйтур ду. Шуна лур ду аьллачу, шун дайшна Ша чІагІо йинчу лаьтта тІехь шортта ялта а хуьлуьйтур ду. Везачу Эло Шен беркате хазна – стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тІе догІа даийта, шун куьйгаша динчу гІуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хІума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун. Нагахь шун Везачу Дала тІедиллинарг, тахана ас шуьга Іалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цІоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш. Ас тахана бечу хьехамна тІера ма довлалаш, аьтту я аьрру агІор а хьаьвзина, кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал ярхьама». «Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догІахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тІедиллинарг кхочуш а ца дахь, хІокху неІалтех хьалхадевр дац шу: НеІалт хир ду шуна гІалахь а, арахь а. НеІалт хир ду шун ялтин тускаршна а, текхашна а. НеІалт хир ду шух схьадаьллачу чкъурана а, шун лаьттах схьабаьллачу стоьмана а, шун стерчех а, уьстагІех а схьадаьллачу дохканна а. НеІалт хир ду шуна чудовлуш а, арадовлуш а. Шена тІера шу дІадерзарна, аш дечу муьлххачу гІуллакха тІехь Везачу Эло неІалт а, дохар а, вон болх а хуьлуьйтур бу шуна, шу хІаллакьхилла дІадовллалц. Шун доладан тІедоьлхуш долчу лаьтта тІера Ша хІаллакдина дІадаххалц, Везачу Эло лен цамгар кхоьтуьйтур ю шуна. Везачу Эло хІоралла а, хорша а, хьу кхетар а, йокъа а, бовха мох а, мекха а хоьцур ю шуна тІе. Цара хьийзор ду шу хІаллакьхиллалц. Шуна тІехуларчу стигалех цІаста хир ду, бухаларчу лаьттах эчиг хир ду. ДогІанан метта, Везачу Эло чан лур ю шуна, стигалара шуна тІеоьгур ю иза, шу хІаллакьхилла дІадовллалц. Везачу Эло шайн мостагІашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхІ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду. Шун декъий стигаларчу олхазарша, лаьттарчу акхароша а дуур ду, уьш дІакъахкош стаг а воцуш. Мисархошна хилла йолу даьІнаш долу цамгар а, дестар а, соьла оьху даьІнаш а, кІамдар а кхоьтуьйтур ду шуна Везачу Эло. Дарба ца далуш хир ю и цамгарш. Везачу Эло хьерадовлар а, бІарздалар а, Іадор а хуьлуьйтур ду шуна. Дийнан делккъехь са а ца гуш, бІаьрзениг бодашкахь санна, лелар ду шу. Шаьш арабаьккхинчу новкъахь аьтто хир бац шун. Массо а хенахь ницкъ беш а, хьийзош а хир ду шу, цхьаммо а гІо а доккхур дац шуьгахьа. Зуда ялор ю шух цхьаммо, амма кхин стаг вуьжур ву цуьнца дІа. ЦІенош дийр ду аша, амма царна чохь Іийр дац шу. Кемсаш югІур ю аша, амма пайда оьцур бац царах. Шун старана шун бІаьргашна хьалхха урс хьокхур ду, амма аша цуьнан жижиг дуур дац. Шун вир, дІа а йигина, юхаялор яц шуна. Шун уьстагІий мостагІашна дІалур ду, цхьаммо а гІо доккхур дац шуьгахьа. Шун кІентий а, йоІарий а кхечу халкъана дІалур бу. Царна сагатдеш, де дийне мел дели, бІаьрса худалур ду шун, дуьхьало ян а ницкъ хир бац шун. Шун лаьттах схьадаьлларг а, аш къахьегнарг а шуна девзаш доцучу халкъо дуур ду. Массо а хенахь ницкъ беш а, охьатаІийна а хир ду шу. Шайн бІаьргашна гучух хьерадевр ду шу. Голаш тІехь а, настарш тІехь а, когийн айраш тІера хьеюккъе кхаччалц дерза ца доьрзу даьІнаш хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло. Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тІе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тІулгийн а цІушна Іамал йийр ю аша. Везачу Эло шу дахийтинчу мехкашкахь долу халкъаш шух инзардевлла хир ду, шух доьлуш а, шуна вон луьйш а хир ду уьш. Дуккха а ялта дІадуьйр ду аша, амма кІезиг гулдийр ду, хІунда аьлча цІазо дуур ду иза. Кемсаш, дІа а йийна, лелор ю аша, амма царах даьлла долу чагІар а мер дац, кенаш а гулдийр дац, хІунда аьлча нІаьно дІадуур ду уьш. Зайт-диттан стоьмаш хир бу шун лаьтта тІехь, амма даьтта хир дац шун, хІунда аьлча хенал хьалха охьаоьгур бу и стоьмаш. КІентий а, йоІарий а хир бу шун, амма уьш шуна буьсур бац, хІунда аьлча йийсаре буьгур бу уьш. Шун дитташ а, аренашкара ялташ а цІазо хІаллакдийр ду. Шуна юкъахь Іаш волу тІевеана стаг вол-волуш шул лакха хьалавер ву, ткъа шу охьадевр ду. Цо шуьга духалург лур ду, ткъа шун цуьнга дала хир дац. Иза коьртехь хир ву, ткъа шу цІоганехь. И дерриг а неІалташ шуна тІехь хир ду, шуна тІера девр а дац уьш, шу хІаллакьхилла дІадовллалц, хІунда аьлча аш шайн Везачу Деле ла а ца дуьйгІира, Цо тІедиллинарг а, Цуьнан парзаш а кхочуш а ца дира. Шуна а, шун тІаьхьенна а тІехь гуттар а йолчу ханна Дала шуна таІзар даран билгало хилла лаьттар ду и неІалташ. Дерриг а шайн доллушехь, шайн Везачу Далла аш самукъадаларца а, дага чохь даккхийдерца а Іамал ца ярна хир ду иза шуна. Везачу Эло шайна тІеваийтинчу мостагІчунна децар ду шу, меца а, хьогах а, дерзина а, къен а долуш. Дала шун вортанна тІебиллинчу безачу мохьо Іазапехь латтор ду шу. Геннара, дуьненан йистера, халкъ тІехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тІелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна. И нах къиза хир бу, воккханиг а ца лоруш, жиманиг а ца кхоош. Цара шун даьхни а, шун лаьттах схьадаьлла ялта а дуур ду, шу дакъазадаххалц. Шуна бепиг а, чагІар а, даьтта а, стерчий а, уьстагІий а дуьтур дац цара, шу хІаллакдаллалц. Шун массо а гІалина тІе а летта, дерриг а шун лаьтта тІера шун бІобулуш хилла лекха а, онда а пенаш дохор ду цу халкъо. Шун Везачу Дала шуна лучу лаьтта тІехь ерриг а шун гІаланашна тІелетар бу уьш. Шайн Везачу Дала белла болу, шайх схьабевлла кІентий а, йоІарий а буур бу аша, мостагІаша го а лаьцна, шаьш холчохь дисича. Шуна юкъахь хьолехь Іийна волу экам стаг а къинхетам боцуш хьоьжур ву шен веше а, шена хьоме хетачу зудчуьнга а, шеца дисинчу шен берашка а. Ша дууш долчу шен берийн дилха цхьанна а лур дац цо, хІунда аьлча цуьнан хІумма а дуьсур дац, го а лаьцна, мостагІаша массо а гІаланашкахь шу балане лаьцча. Шуна юкъахь томехь а, хьолехь а Іийна зуда, экам хиларна а, хьолехь Іарна а лаьтта ког а баккхаза йолу, къинхетам боцуш хьоьжур ю шена хьоме хеттачу майрачуьнга а, шен кІанте а, йоІе а. Ша дина бераш а, уьш хуьлуш шен дегІах схьакъаьстина беран цІа а лур дац цо нахана, хІунда аьлча дан амал ца хиларна къайлаха дуур ду цо уьш, го а лаьцна, мостагІаша шайн гІаланашкахь шу балане лаьцча. Кху тептар тІехь яздина тІедиллинарг а, хьехамаш а аша кхочуш ца бахь, шайн Везачу Делан сийлахьчу а, буьрсачу а цІарах шу ца кхерахь, Везачу Эло шуна а, шун тІаьхьенна а хала а, инзаре а, дІа ца доьрзу а ун а, луьра а, дІа ца йовлу а цамгарш а кхоьтуьйтур ю. Мисархошна кхетта долу, шу кхийрина долу ун хуьлуьйтур ду шуна. Иза летар ду шух. Кху тептар тІехь язйина йоцу муьлхха а цамгар а, ун а хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло, шу хІаллакдина дІадовллалц. Стигалара седарчий санна, шу дукха хиллехь а, кІеззиг бен дуьсур дац шу, хІунда аьлча шайн Везачу Деле ла ца дуьйгІи аш. Шу алсам а дохуш, шуна диканиг деш самукъа-ма-даллара, шу хІаллакдеш а самукъадаьлла хир ву Веза Эла. Шайн дола баккха тІедоьлхуш болчу махкара а лохкур ду шу. Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Цу халкъашна юкъахь синтем хир бац шуна, садаІа меттиг хир яц шуна, Везачу Эло дагахь кхерам а, сингаттам а, бІаьргашкахь кІаддалар а латтор ду шуна. Шун дахар гуттар а кхерамехь хир ду, дийнахь а, буса а синтем боцуш, хиндолчух бІобулуш хир дац шу. Дагахь лаьтташ кхерам хиларна а, шайн бІаьргашна гуш долчунна а Іуьйранна аш эр ду: „Суьйре тІекхачахьара-кх!“ – аьлла, ткъа сарахь эр ду: „Іуьйре тІекхачахьара-кх!“ – аьлла. Ас кхин цкъа а шуна иза гур бац аьллехь а, Мисар-махка юхадуьгур ду шу Везачу Эло хІордкеманаш тІехь. Цигахь шайн мостагІашна дохкалур ду шу, леш а, гІарбашаш а хилла, амма шу оьцуш цхьа а хир вац». Ас тахана тІекхойкху стигал а, латта а, аша бен болчу харжаман тешаш хила. Ас шуьга харжийта дІало дахар я Іожалла, декъала хилар я неІалт кхайкхийна хилар. Шайна дахар харжа шу а, шун тІаьхье а яхийтархьама а, берриге а исраилхой шун Везачу Далла хьалха дІахІитта баьхкича, хІара товрат-хьехам массо а исраилхошна дІахозуьйтуш, Везачу Эло къастор йолчу меттехь дІабешалаш. Деша хІара хьехаман тептар массо а хенахь. Дийнахь а, буса а Іамаде иза, кху тІехь яздинарг нийсса кхочушдархьама. ТІаккха айхьа дечу гІуллакх тІехь чІогІа аьтто хуьлуш а, чІогІа беркат долуш а хир ву хьо. Іезара схьагулбеллачарна товрат-хьехамаш тІехь болу тептар схьадеара. Иза шеран ворхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь дара. Схьагулбеллачарна юкъахь зударий а, божарий а, шайга дуьйцург дІаэца кхетам болуш долу бераш а дара. Іуьйранна дуьйна де делкъе даллалц Іезар, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданна дуьхьал вирзина а лаьтташ, массо а божаршна а, зударшна а, иштта массо а ша дуьйцург кхеташ болчу нахана а товрат-хьехамаш тІехь болу тептар доьшуш вара. Дерриг а адам товрат-хьехамашка чІогІа леррина ладугІуш дара.
Выбор основного перевода