Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьттах Суна лерина сагІа доккху меттиг а яй, цу тІехь дийнаташ дагоран а, барт баран а сагІанаш даха, шайн уьстагІий а, стерчий а далош. Сан цІе шуна дагаяийта Ас билгалъяьхначу массо а меттигашкахь, Со тІе а вогІуш, Ас шу декъалдийр ду. Нагахь шаьш Суна лерина сагІа доккху меттиг тІулгех еш хилахь, хьаькхначу тІулгех ма е иза. ТІулг хьокхучу гІирсо уьш Далла хьалха бехдийр ду. Шун Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тІе доьлхуш шаьш Йордан-хих дехьадевлча, цигахь шайна даккхий тІулгаш дІа а хІиттадай, царна кир тоха. ТІаккха шун дайн Везачу Дала, шун дайшка шуна лур ду аьлла ма-хиллара, шун дола луш долчу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе довлархьама, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, хІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тІулгаш тІе дІаязде. И тІулгаш, ас тахана шайна тІе-ма-диллара, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, Іейбал-лам тІе дІа а хІиттаде, царна тІе кир а тоха. Цигахь шайн Везачу Далла лерина аьчка гІирсаца ца хьаькхначу тІулгех сагІа доккху меттиг кечъе. И меттиг, дийнначу тІулгех а кечъяй, дІахІоттае, оцу тІехь шайн Везачу Далла лерина сагІанаш даха. Цигахь шайн Везачу Далла хьалха бертан сагІанаш а дахий, уьш дууш, даккхийдеш лела. ХІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тІулгаш тІехь дІаязде. Ткъа яздинарг дика дешалуш хилийта хьажа».
Выбор основного перевода