Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дакъазадаккха Далла дІакъастийначух цхьа а хІума шун куьйгех ма хьакхалойла, Везачу Эло, Шен оьгІазалла дІа а яьккхина, шуна Шен дика далийтархьама. Иза иштта делахь, Цо шух къинхетам бийр бу, шу доьбуьйтур а ду, шун дайшна Ша чІагІо ма-ярра. ГІай-гІалин паччахь, дитта тІе хьала а оьллина, сарралц кхазийтира ЮшаІа. Малх чубузучу хенахь паччахьан дакъа, дитта тІера охьа а даккхийтина, гІалин кевне охьакхоссийтира цо. Цул тІаьхьа, докъана тІе тІулгаш а кхиссийтина, йоккха оьла яйтира. Иза хІинца а йолуш ю. Цара Абушаламан дакъа, дитт тІера схьа а даьккхина, хьуьнхарчу доккхачу ор чу а кхоьссина, тІе тІулгаш кхиссира. Цу хенахь массо а исраилхо ведда, шен-шен цІа чу а вахана, дІасаваьллера.
Выбор основного перевода