Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхоша къа латийна, Ас шайга ларбе аьлла болу, Соьца шаьш бина болу барт а бохийна. Суна леринчух цхьайолу хІуманаш, схьа а эцна, шайн хІуманаш юккъехь дІалачкъийна цара. Аса, иза екъа а екъна, дакъош Исраилан халкъ дехаш долчу массо а маьІІе дІасадахьийтира, Бен-Яманан тІаьхьено и инзаре а, сийсаза а гІуллакх Исраилан махкахь дина дела. ТІаккха цо элира: «Массо а халкъан куьйгалхой суна тІе бахкийта. Цаьрга, халкъана юкъахь къа латийнарг муьлха ву хьожуш, таллийта. Аса Исраилан халкъ кІелхьардаьккхина волчу Везачу Элах чІагІо йо, и къа латийнарг сан кІант ЯхІуната велахь а, иза а лийр ву аьлла». Амма гулделлачу халкъана юккъера цхьаммо а жоп ца лора.
Выбор основного перевода