Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дерриг а Исраилан халкъана хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхІарон а. Лаьтте хьовса баханчу нахана юкъарчу Нунин кІанта ЮшаІа а, Епунин кІанта Килаба а шайн бедарш этІийра. Оццу дийнахь цхьа бен-яманхо, тІом болчуьра ведда, Шилуне кхечира. Цунна тІера бедарш этІийна яра, коьрта тІехь чан яра. КхоалгІачу дийнахь Шаулан меттаматтера волу цхьа стаг кхечира Дауд волчу. ТІера бедарш а этІийна, коьрта тІе йиллина чан а йолуш вара иза. Дауд волчу схьакхаьчча, лаьтта охьа а воьжна, цунна сужда дира цо. Іамалекхахой эша а бина, Дауд юхавирзинчул тІаьхьа, цо ЦакхелагІахь ши де даьккхира. Иза Шаул вийначул тІаьхьа дара. Паччахь, хьала а гІаьттина, шена тІера бедарш этІа а йина, лаьтта охьавуьйжира. Цуьнан берриге а ялхоша а шайна тІера бедарш этІийра. Дауд Далла Іибадат дечу метте, лома буьххье, хьалаваьлча, цунна гира шена дуьхьалвогІу Іаьркхихо волу шен доттагІа Хьушай. Цунна тІера бедарш этІийна яра, коьрта тІе тесна чан а яра. Геннара Аюб гина болчу царна иза ца вевзира. ЧІогІа мохь а бетташ, билхира уьш. Шайна тІера бедарш а этІош, коьрта тІехула ченаш стигала хьалакхуьссура цара. ТІаккха шайн кортош тІе ченаш тийсира цара. ГІайгІане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гІала! ХІордана тІехь долу массо а хІордкеманаш шайн долахь долчара оцу гІалин деза а, мехала а мел долчу хІуманах шайн хьал совдаьккхира. Ткъа хІинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дІахІоьтти».
Выбор основного перевода