Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІала а, дерриг а цу чохь дерг а Везачу Элана лерина ду. Нахаца лелаш йолу Рахьаб а, цуьнан цІера нах а дийна бита, хІунда аьлча цу зудчо вай бахийтина нах къайлабаьхнера. Амма аша цхьа а хІума схьа ма эца, шайна бохам ца хилийта. Везачу Элана леринчух цхьа хІума схьаэцахь, исраилхойн меттаматтана хІаллакьхиллал зен дийр ду аша. Дерриг а дети а, деши а, цІестан а, аьчка а пхьегІаш а дІакъастае Везачу Элана. Уьш Цуьнан хазни чохь хир ю». Амма исраилхоша доккха зулам дира Везачу Элана лериначуьнца доьзна. ЯхІудан тІаьхьенах волчу Іахана шайна схьаийцира Везачу Элана леринчух цхьайолу хІуманаш (Іахан вара Кармин кІант, ткъа Карма вара Завадин кІант, Завади вара Зерахьан кІант). ТІаккха Веза Эла чІогІа оьгІазвахара исраилхошна. Цхьана стага шен бахам дІабоьхкира. Цу стеган цІе Хьанас яра, цуьнан зудчун цІе Шаппира яра, Амма шена кхаьчначу ахчанах цхьа дакъа цо дІалачкъийра. Цуьнан зудчунна а хаьара иза. Диснарг, схьа а деана, векалийн когашка охьадиллира цо.
Выбор основного перевода