Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигара Іахур-тогІи чухула Дибарна тІе а дахана, къилбаседехьа а дирзина, Галгал-гІалина тІе доьдура доза. Хинан къилбехьара агІор йолчу Адуммим-Іинна дуьхьал лаьтташ яра и гІала. КхидІа, Іейн-Шемешан хиш тІе дІа а дахана, Іейн-РегІалахь чекхдолуш дара иза. Суна уллохь хилар лоьхуш долчу Сан халкъан дуьхьа уьстагІийн дежийла хир ю Шарон-аре, ткъа бежано садоІу меттиг хир ю Іахур-тогІи. Цигара ара а яьккхина, аса цунна юхалур ю цуьнан долахь хилла йолу кемсийн бошмаш. Сингаттамца йоьзна йолу Іахур-тогІех сатийсаран неІ дІахІоттор ю Аса. Цигахь эшарш лоькхур ю цо, шен къоналлин деношкахь санна, иза Мисар-махкара арайолучу хенахь».
Выбор основного перевода