Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІала а, дерриг а цу чохь дерг а Везачу Элана лерина ду. Нахаца лелаш йолу Рахьаб а, цуьнан цІера нах а дийна бита, хІунда аьлча цу зудчо вай бахийтина нах къайлабаьхнера. Амма аша цхьа а хІума схьа ма эца, шайна бохам ца хилийта. Везачу Элана леринчух цхьа хІума схьаэцахь, исраилхойн меттаматтана хІаллакьхиллал зен дийр ду аша. Дерриг а дети а, деши а, цІестан а, аьчка а пхьегІаш а дІакъастае Везачу Элана. Уьш Цуьнан хазни чохь хир ю». Хьарам динчунна тІера хІума схьа а эцна, зулам динарг Зерахьан кІант цхьа Іахан бен вацара, ткъа оьгІазалла берриг а исраилхошна тІе йоьссира. И цхьаъ велла ца Іара шен зулам бахьана долуш“».
Выбор основного перевода