Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьарам динчунна тІера хІума схьа а эцна, зулам динарг Зерахьан кІант цхьа Іахан бен вацара, ткъа оьгІазалла берриг а исраилхошна тІе йоьссира. И цхьаъ велла ца Іара шен зулам бахьана долуш“». ТІаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна». Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац. Далла лерина йохо дІакъастийна хІуманаш схьа а эцна, Исраилан халкъана бала тІебаийтина волу Ахари хилла Кармин кІант.
Выбор основного перевода