Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Иштта дІаала исраилхошка: „Нагахь санна цхьана стага я зудчо, Везачу Элана хьалха тешаме а ца хуьлуш, адамаша латош долу къа латадахь, и стаг бехке хуьлу Цундела оцу къинош летийначара шайгара даьлларг даре дан а деза, зулам хиллачунна богІуш болу берриге а мах дІабала а беза, цул сов пхоьалгІа дакъа тІе а тухуш. Шаула ЯхІунате хаьттира: «Схьадийца соьга, хІун даьлла хьоьгара?» ТІаккха ЯхІунатас дІадийцира: «Аса, сайгара гІаж чу а Іоьттина, жимма моз кхаьллира. Ткъа и хІума бахьана долуш со вала везаш вуй?» Шаьш динчунна вайн дайн Дела волчу Везачу Элана хьалха мукІарло де, ткъа Цуьнан лаам кхочуш а бе. Шайна гонах дехаш долчу адамех а, царах болчу шайн зударех а дІакъаста». Шайн Везачу Делан сий де, Цо бода тІебаийтале, маьркІажехь долчу гунаш тІехь шайн когаш тийсабалале. Аша серлоне сатуьйсу, амма Цо цунах Іаьржа бода бийр бу. Тхаьш летийначу къиношна къера а хуьлуш, ас сайн Везачу Деле доІа дира. Ас элира: «Доьху Хьоьга, Хьалдолу Дела! Хьо сийлахь а, кхераме а ма ву! Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш болчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь! ТІаккха, шозлагІа а и бІаьрзе хилларг схьа а кхайкхина, цара элира цуьнга: «Тхуна-м хаьа и Стаг къинош долуш вуй. Ткъа ахьа Далла хьалха бакъдерг алал».
Выбор основного перевода