Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Далла луьйш хилла волу стаг меттаматтал арахьа ваккха. Цо дийцинарг хезначара цуьнан коьрта тІе куьйгаш дахка, массо а халкъо цунна тІулгаш кхисса. Цунна и валлалц тІе тІулгаш кхисса, Мисар-махкара, лоллин цІийнара, хьо араваьккхинчу хьан Везачу Делах хьо дІаверзийта уьш гІерта дела. аша и зулам дина волу стаг я зуда гІалин кевнашна арахула тІе а валавай, иза валлалц цунна тІе тІулгаш кхисса. Амма аша цхьа а хІума схьа ма эца, шайна бохам ца хилийта. Везачу Элана леринчух цхьа хІума схьаэцахь, исраилхойн меттаматтана хІаллакьхиллал зен дийр ду аша. Хьарам динчунна тІера хІума схьа а эцна, зулам динарг Зерахьан кІант цхьа Іахан бен вацара, ткъа оьгІазалла берриг а исраилхошна тІе йоьссира. И цхьаъ велла ца Іара шен зулам бахьана долуш“». Ахьаба, шена Эли-ЯхІу гича, цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и – Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург?» Далла лерина йохо дІакъастийна хІуманаш схьа а эцна, Исраилан халкъана бала тІебаийтина волу Ахари хилла Кармин кІант.
Выбор основного перевода