Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло и дерриге а халкъаш шуна хьалхара дІалохкур ду, тІаккха шун халкъал дукха долчу а, ницкъ болчу а халкъийн латта шайн дола доккхур ду аша. Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас. Массо а агІор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагІех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дІабеллера мостагІий.
Выбор основного перевода