Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага ма-аллара, дерриг а латта схьа а даьккхина, исраилхошна шайн тайпанашна юкъахь, дакъош а деш, декъа дІаделира ЮшаІа. Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто. ЮшаІ, къан а велла, хене вирзича, Везачу Эло элира цуьнга: «Хьо, къан а велла, хене вирзина, ткъа дола даха дезаш хІинца а дуккха а латтанаш ду. Массо а агІор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагІех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дІабеллера мостагІий. Цул тІаьхьа Везачу Элан ялхо, Нунин кІант ЮшаІ, кхелхира. Цуьнан бІе итт шо дара.
Выбор основного перевода