Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас хьуна хьалхадаьккхина Малик а дохуьйтур ду, канаІанхой а, эмархой а, хьетахой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а лохкур а бу. ХІинца Ас хьайна тІедуьллург Іалашде. Ас хьуна хьалхара лохкур бу эмархой, канаІанхой, хьетахой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. И латта шайн дола а даккхий, цу тІехь даха охьаховша, хІунда аьлча и латта Аса шуна дІаделла, иза шун дола даккхийтархьама. Цо иза дина, шун чул дукха а, онда а долу халкъаш шуна хьалхара дІалахкархьама а, шу церан лаьтта тІе а довлийтина, иза шун дола даккхархьама а, хІинца иза ма-дарра. Везачу Эло и дерриге а халкъаш шуна хьалхара дІалохкур ду, тІаккха шун халкъал дукха долчу а, ницкъ болчу а халкъийн латта шайн дола доккхур ду аша.
Выбор основного перевода