Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн массо а тайпанийн къаной а, баьччанаш а суна тІекхайкха. Ас царна дІахозуьйтуш дІаэр ду хІара дешнаш, ткъа царна тІе тоьшалла дайта ас стигал а, латта а тІекхойкхур ду. Исраилхойн массо тайпанаш а, къаной а, хьаькамаш а, кхелахой а, тІехьовсурш а Шехем-гІалахь гулбира ЮшаІа. Уьш берриш а Далла хьалха хІиттира. Дауд-паччахьо Исраил-мехкан берриге баьччанаш Ярушалайме схьагулбира: тайпанийн хьаькамаш а, паччахьна белхаш беш болу хьаькамаш а, тІеман коьрта хьаькамаш а, тІеман хьаькамаш а, паччахьан а, цуьнан кІентийн а хьал а, даьхни а лардеш болу паччахьан уллоранаш а, берриге а майра турпалхой а, тІемалой а.
Выбор основного перевода