Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шун дуьхьа тІом бийр бу, шун хІумма а дан ца деза». Шух пхеаммо бІе эккхор ву, бІеммо итт эзар лоллур ву, шун тарраша эгор бу и мостагІий. Царах ма кхера, хІунда аьлча шун Веза Дела Ша шуьгахьа тІом беш ву“». Цо элира: „Ас Сайн юьхь къайлайоккхур ю царах, царах хинйолу чаккхе гур ю Суна, хІунда аьлча уьш телхина гара ду, уьш тешаме доцу бераш ду. Шуна гина шайн Везачу Дала цу халкъашна динарг, хІунда аьлча шун Веза Дела Ша вара шун дуьхьа тІом беш. Шух эзар водур ву цхьана мостагІчо шуна кхерам тесча, ткъа царах пхеаммо шу массо а водуьйтур ву. Шун эскарх хІумма а юьсур яц, гунна буьххье йоьллина тІехь байракх йолу гІаж санна кІезиг берш бен.
Выбор основного перевода