Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шайга аьлларг дерриг а кхочушде, кхечу деланашна Іибадат ма де, ур-атталла церан цІераш а ма яха». Хьан махкахь уьш буьтийла дац, Суна дуьхьал хьоьга къинош ца летадайта, хІунда аьлча церан деланашна ахь Іамал яхь, иза хьуна боьгІна гур хир бу». Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш. Гергарлонаш а ма тийсалаш цаьрца. Шайн йоІарий церан кІенташка а ма бахийталаш, церан йоІарий шайн кІенташна а ма балабелаш. Хийрачу деланашна тІебоьлхучеран баланаш совбевр ма бу. ЦІий Іаноран сагІанаш аса церан деланашна дохур дац, церан цІераш а сайн багахула аса йохур яц. «Муха вала веза Со хьуна къинтІера, ЯхІуд-мохк? Массо а хьан бераш Сох дІахерделла. Уьш цІушна суждане оьхуш бу, деланаш уьш боццушехь. Аса царна мел оьшург латтийнера, амма уьш ямартлонца лелара, тобанашца нахаца лелаш болу зударий болчу а оьхуш. Тхевнна тІе хьала а ваьлла, стигалшкахь мел болчу ницкъашна сужда ваханарг хІорра а хІаллаквина дІавоккхур ву Ас. Веза Эла волчу Суна Іибадат а деш, тешаме хила чІагІо а еш, амма шайн паччахьах чІагІонаш йийраш а хІаллакбина дІабохур бу Ас.
Выбор основного перевода