Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хилалаш, Цунна цхьанна гІуллакх делаш. Цуьнгахьа дирзина хилалаш, Цуьнан цІарах бен дуйнаш ма баалаш. Нагахь санна Ас шуьга кхочушдайта деш долу и дерриг а весеташ аша лардахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цуьнан массо а некъашца шу лелахь, Цуьнгахьа дирзина шу хилахь, – Шайн Везачу Далла тІаьхьахІитталаш, Цуьнга ларамах дуьзна хилалаш. Цуьнан весеташ ларделаш, Цуьнан озе ладогІалаш, Цунна гІуллакх делаш, Цунна тІетовжалаш.
Выбор основного перевода