Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И Іахар буун болчу цІеношкахь неІаран гуран шинне агІор а, неІаран дукъо тІе а Іахаран цІий хьакха. qac Зqac*уз дарца дегІе эргІадволу со, хІунда аьлча Іесанаш Хьан товрат-хьехамна тІера бовлу. qac Тqac*Іех халахетарна сан бІаьргех хиш оьху, Хьан товрат-хьехам наха лар ца бо дела. Нагахь аша Везачу Эле ла ца догІахь, со къайла а ваьлла, воьлхур ву, шун куралла бахьана долуш. Сан белхар къаьхьа хир ду, Сан бІаьргаш хих буьзна хир бу, Везачу Элан жа йийсаре дІадигна хиларна. Кхел яран хан герга кхаьчна. Делан доьзалера нахана тІера йолалур ю иза. Ткъа вайна тІера иза йолалуш хилча, Делан Кхаъ тІе ца эцначу нахана хІун таІзар хир ду?! (ХІунда аьлча царна юкъахь Іийна и Делан лаамехь волу стаг хІора дийнахь дагахь бала лаьтташ вара, цу наха лело боьха гІуллакхаш ган а гуш, царах дерг хаза а хезаш.) «Вайн Далла гІуллакх деш болчеран хьаьжнаш тІе мухІар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хІордашна, я дитташна». Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цІазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тІе Делан мухІарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна.
Выбор основного перевода