Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта Сулим-паччахьо сагІа даккха лерина болу цІестан кхерч а байтира: иза ткъа дол хиллал беха а, ткъа дол шуьйра а, итт дол лекха а бара. ТІаккха Цо со Везачу Элан цІийнан чоьхьарчу керта вигира. Цигахь суна охьатеІаш лаьтташ волу ткъе пхиъ боьрша стаг гира. Уьш цІийнан лабанний, сагІа доккхучу кхерчаний юккъехь лаьтташ бара, Везачу Элан цІенна букъ а берзийна. Церан яххьаш малхбалехьа дІайирзина яра, ткъа уьш шаьш малхана корта бетташ бара. Дуткъачу кІадинан бедарш йолчу стаге Везачу Эло элира: «Каруб-маликашна бухахь йолчу хьийзачу чкъургашна юккъехула чекх а валий, канаш юззий, каруб-маликашна юкъара догуш долу кІегий схьа а эций, уьш гІалина тІе дІасакхисса». Со хьоьжучу хенахь и стаг дІавахара. Хьалахьаьжча, суна хІара сурт гира: гатанан бедар а юьйхина, гІодаюккъе Упаз-махкарчу деших дина доьхка а дихкина, цхьа стаг вара лаьтташ. Цу чоьнна чуьра, тІаьххьара хир болу ворхІ бала а бахьаш, ворхІ малик араделира. Царна тІехь яра дуткъачу кІадих йина цІена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара.
Выбор основного перевода