Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен бедарш а этІийна, Везачу Элан тІорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Іиллира ЮшаІ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тІе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. Шен бІаьргаш хьалахьажийча, Даудана гира лаьттана а, стигална а юкъахь Ярушалаймана тІехула баттара даьккхина тур карахь долу Везачу Элан малик. ТІаккха Дауд а, къаной а, тІехь сингаттаман духар а долуш, шайн яххьаш тІе лаьтта охьаийгира. Кестта Аса шуна тІе охьаІанор ю Сайн дералла, ткъа Сан оьгІазалла шуьга кхочур ю. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, Ас бекхам а бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гІуллакхашка хьаьжжина. Аса Делера болу хаамаш бечу хенахь БенъяхІун кІант Палти-ЯхІу кхелхира. Лаьтта охьа а воьжна, корта а таІийна, аса мохь туххуш элира: «Хьалдолу Эла, Хьо Исраилан халкъах дийна висина мел волу стаг хІаллакван воллу те?»
Выбор основного перевода