Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло хашадхойн паччахь яхІудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цІа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоІарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш – уьш берриш а дІабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара. Шун сагІа доккху меттигаш яссийна хир ю, ткъа хаза хьожа йогІу хІума яго меттигаш хІаллакйина хир ю. Байъиначеран декъий Ас шун цІушна хьалха охьакхуьссур ду. Шайн дашочу а, даточу а хІуманех дозаллаш а дора цара, ткъа оцу хІуманех шайн дегаза а, ирча а цІуш бора, цундела Аса оцу хІуманех царна дегаза хеташ долу хІума дийр ду. Ас и хІуманаш хІонс санна хийрачу нехан кара дІалур ю, ткъа дуьнен чуьра зуламхоша, деши а, дети а схьа а эцна, иза бехдийр ду. Ас царна букъ берзор бу, ткъа хийрачу наха, Сан цІа чу а бахана, иза сийсаздоккхур ду. Цу чу талорхой а бахана, цара иза бехдийр ду.
Выбор основного перевода