Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло хашадхойн паччахь яхІудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цІа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоІарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш – уьш берриш а дІабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара. Со Сайн цІе лелош йолчу гІалина Ярушалаймана Айса дан леринарг дан волалуш ву. Шуна моьтту хир ду шайна таІзар ца деш Аса шу дуьтур ду. Дуьтур дац! Аса туьре омра до, дуьнен тІехь мел болчу нахана таІзар де аьлла, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Къаной а ма бац хІинца гІалин кевнашкахь охьаховшуш. Кегий нах а ма бац шайн зурманаш лоькхуш. Цу суьрташна хьалха лаьтташ вара Исраилан халкъан кхузткъе итт къано, ткъа царна юкъахь Шапанин кІант Яъзан-ЯхІу а вара. ХІораннан а карахь хаза хьожа йогІу хІума чохь ягош йолу ной а яра. Цу нойш чуьра хьалаоьхуш сегІазах йогІу хаза хьожа яра. ТІаккха Цо элира: «Адаман кІант, гой хьуна Исраилан халкъан къаноша боданехь, шайн-шайн цІушна лерина йолчу меттехь, дийриг? Цара хІораммо а ша-шега боху: „Тхо Везачу Элана гуш дац, Веза Эла хІокху махка тІера дІавахана“». ТІаккха Цо со Везачу Элан цІийнан чоьхьарчу керта вигира. Цигахь суна охьатеІаш лаьтташ волу ткъе пхиъ боьрша стаг гира. Уьш цІийнан лабанний, сагІа доккхучу кхерчаний юккъехь лаьтташ бара, Везачу Элан цІенна букъ а берзийна. Церан яххьаш малхбалехьа дІайирзина яра, ткъа уьш шаьш малхана корта бетташ бара. «Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тІехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш». Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цІазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тІе Делан мухІарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна.
Выбор основного перевода