Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара ду Суна хьалха яздина дерг: „Со вист ца хуьлуш Іийр вац, Ас бекхам бийр бу. Ас дІалур ду царна Иштта дийна волчу Сайх чІагІо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цІушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гІуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дІахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш. Ас къинхетам бийр бац шух, кхоор дац шу. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гІуллакхашна а бекхам бийр бу Аса. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла». Цундела Аса дІагойтур ю царна Сайн оьгІазалла, царах къинхетам а бийр бац, уьш кхоор а бац Аса. Уьш, маьхьарий а детташ, Соьга кхайкха буьйлалур бу, амма Ас ладугІур дац цаьрга». Амма шайн дегнашца дегаза а, ирча а болчу цІушна тІебирзинчаьрга хьаьжжина, царах даьлларг церан шайн кортошна тІе дожор ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода