Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта, Маннаша яхІудхошка къа латадайтира, ткъа цундела цара Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Цул сов, Маннаша, бехке боцучеран цІий а Іанош, Ярушалайм-гІала цхьана йистера вукху йисте кхаччалц цІийх юьзира. Дейша буржалш, хІунда аьлча цІий Іанош болчарах буьзна бу хІара мохк, гІело ечарах юьзна ю хІара гІала. ТІаккха Цо элира: «Адаман кІант, гой хьуна Исраилан халкъан къаноша боданехь, шайн-шайн цІушна лерина йолчу меттехь, дийриг? Цара хІораммо а ша-шега боху: „Тхо Везачу Элана гуш дац, Веза Эла хІокху махка тІера дІавахана“». Мехкан наха кхиберш Іехабо, талораш до, къечунна а, мискачунна а гІелонаш йо, кхечу махкара тІебаьхкина нах а хьийзабо.
Выбор основного перевода