Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира цаьрга: «Исраилан Везачу Дала иштта боху: „ХІора а, шен тур юкъах а дехкий, кху кевнера вукху кевне кхаччалц дІа а гІой, юхавола, хІораммо а шен ваша а, доттагІа а, уллораниг а ве“». Иштта дийна волчу Сайх чІагІо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цІушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гІуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дІахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш. Ас къинхетам бийр бац шух, кхоор дац шу. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гІуллакхашна а бекхам бийр бу Аса. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла». Шух къинхетам а бийр бац, шу кхоор а дац Аса. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гІуллакхашна а бекхам бийр бу Аса шуна. ТІаккха хуур ду шуна, таІзар Дийриг Веза Эла волу Со вуйла.
Выбор основного перевода