Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Мqac*ассо а новкъахула тІехдовлурш, шуна иза хІумма а дац! БІаьрг тохий, схьахьовсийша, юй те иштта цамгарш? Дуй те иштта лазар, суна кхеттарг санна? Буй те иштта бала, суна белларг санна? Везачу Эло Ша кхачийтира иза суна Ша оьгІазваханчу цу халчу дийнахь. ТІаккха Дала кхочушдира тхоьга а, тхан мехкан куьйгалхошка а аьлла долу дешнаш. Цо тхуна тІе вуно боккха бохам баийтира. Ярушалайм-гІалина тІехь хилларг цкъа а стигал кІел хилла а дац. «Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тІехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш». ХІунда аьлча дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна, хІара хан тІекхаччалц, цхьанна а гина а боцу, я кхин цул тІаьхьа гун а боцу боккха баланаш гур бу нахана.
Выбор основного перевода