Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна тІе арара акхарой хоьцур ю Ас. Цара шун бераш а дойур ду, шун даьхни а хІаллакдийр ду. Шуна юкъара дукха нах цара байарна, шун некъаш дассалур ду. «Соьга цу лаьтта тІе акхарой яхийталур яра, тІаккха цара цигара бераш хІаллакдийр дара, ткъа и мохк баьсса хир бара. Цхьа а стаг вогІур вацара цу махка, хІунда аьлча массо а цу акхаройх кхоьруш хир вара. Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ойла е, мел бохам бер бу Ярушалаймана, Ас диъ таІзар – тур а, мацалла а, акхарой а, Іожаллин ун а – цунна тІе хьажадича, цуьнан бахархой а, церан даьхни а хІаллакдархьама! ТІаккха Ас куьйгаш вовшах тухур ду, Ас Сайн оьгІазвахар Іабор ду. Иза Аса боху, Везачу Эло». Ас хьуна тІе Іожаллин ун а хьажор ду, хьан урамашкахь цІий а Іанадойтур ду. ГІалара адам царна гонах болчу мостагІийн карах хІаллакьхир ду. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла.
Выбор основного перевода