Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ВорхІалгІачу баттахь Эли-ШамаІан кІентан Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу веара. Иза МицІпа-гІала веара, шеца кхин итт стаг а волуш. ИсмаьІал паччахьан цІийнах вара, иза иштта паччахьан эскаран хьаькамех цхьаъ вара. Гадал-ЯхІуца цхьаьна иза а, цуьнца берш а хІума юуш Іийра. Натан-ЯхІун кІанта ИсмаьІала а, цуьнца хиллачу итт стага а, хьала а гІевттина, тарраш а тоьхна, вийра Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу. Цу тайпана Бавелан паччахьо мехкан куьйгалхо вина дІахІоттийнарг вийнера. Мисар-махкахь Іан цига дІабаханчу яхІудхойх дийна бисинчарах цхьа а кІелхьарвер а вац я дийна а вуьсур вац, ЯхІуд-махка юхаверзархьама. Шайн махка юхадерза шаьш сатуьйсуш делахь а, Іожаллех кІелхьарваьлла масех стаг воцург цхьа а цІа воьрзур вац“».
Выбор основного перевода