Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул сов, динан дайшна а, халкъана а тІехь куьйгалла деш болчу массара а Далла тешаме боцуш шайн лелар алсамдаьккхира. Кхечу къаьмнех болчу наха лелош хилла дегаза гІуллакхаш цара а леладора. Ткъа Везачу Эло Ярушалайм-гІалахь даздина долу Цуьнан цІа сийсаз а дора цара. Суна вон хеташ долу хІума дина ЯхІудан халкъо, – боху Везачу Эло. – Сан цІе лелош долчу цІа чохь цара шайн дегаза цІуш дІахІиттийна, и цІа бех а деш. Ас къинхетам бийр бац шух, кхоор дац шу. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гІуллакхашна а бекхам бийр бу Аса. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла». Шух къинхетам а бийр бац, шу кхоор а дац Аса. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гІуллакхашна а бекхам бийр бу Аса шуна. ТІаккха хуур ду шуна, таІзар Дийриг Веза Эла волу Со вуйла. Шайн дашочу а, даточу а хІуманех дозаллаш а дора цара, ткъа оцу хІуманех шайн дегаза а, ирча а цІуш бора, цундела Аса оцу хІуманех царна дегаза хеташ долу хІума дийр ду. Цундела Аса дІагойтур ю царна Сайн оьгІазалла, царах къинхетам а бийр бац, уьш кхоор а бац Аса. Уьш, маьхьарий а детташ, Соьга кхайкха буьйлалур бу, амма Ас ладугІур дац цаьрга». Сан халкъо, ша цига юхадирзича, берриг а дегаза а, ирча а цІуш схьа а гулбина, уьш хІаллакбийр бу.
Выбор основного перевода