Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн кІентийн а, мехкарийн а дилха дуур ду аша. Шайн Везачу Дала белла болу, шайх схьабевлла кІентий а, йоІарий а буур бу аша, мостагІаша го а лаьцна, шаьш холчохь дисича. Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Оха, сан кІант кхехка а вина, виира. ШолгІачу дийнахь аса элира: „Схьава хьайн кІант, хІинца иза вуур ву вай“. Амма цо шен кІант дІалачкъийна!» МостагІийн ардангаша, нах байа а гІерташ, го бийр бу гІалина. ГІалахь мацалла а хІоьттина, нах чІогІа дог доьхна хир бу. Аса цаьрга вовшийн декъий доуьйтур ду. Наха ур-атталла шайн кІентий а, йоІарий а буур бу“. qac Хqac*ьажахьа Хьо, Веза Эла, Ахь хьанна и дина! Дезий те зударша шайн бераш даа, Шаьш дахар а делла, шаьш кхаьбна долу? Хьалдолчу Элан цІа чохь байъина хила безий те динан дай а, пайхамарш а? qac Кqac*Іеда дегнаш долуш хилла болчу зударийн куьйгаша а шайн бераш кхехкадора, шайна юучунна уьш хилийта, сан халкъана тІе бохам баийтича. Ас паччахьна уллохь мел верг – цуьнан тІеман хьехамчаш а, цуьнан дерриг эскар а – массо а маьІІехула дІасалоллур ду, ткъа Со баттара даьккхинчу туьраца тІаьхьавер ву царна. «Варелаш! ДІадовдалаш къилбаседерчу махкара, стигалан мох хьоькхучу еа а агІор шу дІасадаржийнера Ас, – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода