Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дІасабаржор бу, я царна а, я церан дайшна а девзаш хилла доцучу къаьмнашна юккъехь Іойтур бу. Ас Сайн тур царна тІехьажор ду, царна дан дезарг Айса чекхдаккхалц». Ахьа и хІума деш гуш болчу яхІудхошка ала: „Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хІара боху: ‘Ас Сан лай волчу Бавелан паччахье Набухди-Нецаре кхуза схьакхайкха бохуьйтур бу. Ас цуьнан паччахьан гІант кхузахь Айса дІадоьхкина долчу тІулгаш тІехь дІахІоттор ду. Цу тІулгаш тІехь Набухди-Нецара шен паччахьан четар дІахІоттор ду. Иза, кхуза схьа а веана, Мисар-махкана тІелетар ву. Іожаллина леринарг Іожаллина гІур ву, йийсаре вигийта леринарг йийсаре гІур ву, ткъа туьро вен леринарг туьра кІел гІур ву. Цул тІаьхьа Хьалдолчу Эло соьга элира: «Куьйгаш вовшах а детташ, когаш а бетташ, дІаала: „Жолам-яІ!“, исраилхоша лелийна долчу дерриг а вочу а, дегазчу а гІуллакхашна. Уьш тур а, мацалла а, Іожаллин ун а бахьана долуш хІаллакьхир ма бу. Генахь верг Іожаллин ун бахьана долуш лийр ву, уллохь верг туьро вуьйр ву, ткъа дийна бисинарш мацаллех лийр бу. Иштта охьайоссор ю Аса царна тІе Сайн оьгІазалла. Ас паччахьна уллохь мел верг – цуьнан тІеман хьехамчаш а, цуьнан дерриг эскар а – массо а маьІІехула дІасалоллур ду, ткъа Со баттара даьккхинчу туьраца тІаьхьавер ву царна.
Выбор основного перевода