Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду Ас, шуна тІаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гІаланаш а йохийна Іохкуш хир ю. «Адаман кІант, кибарчиг схьа а эций, иза хьайна хьалха дІахІоттае, ткъа цунна тІехь Ярушалайм-гІалин сурт дилла. ТІаккха гІалина го лаца: иза схьаяккхархьама тІеман гІирс а дІахІоттабе, лаьттан гунаш а де, меттаметтанаш а де, царна гонах кевнаш дохош долу бІогІамаш а хІиттаде. Хьан бахархойх цхьа дакъа, Ярушалайм-гІала, Іожаллин ун а, мацалла а бахьана долуш лийр ду хьуна чохь, шолгІа долу дакъа мостагІийн туьро хІаллакдийр ду хьуна гонах, ткъа кхоалгІа долу дакъа Аса массо а маьІІе дІасадаржор ду, церан лорах карахь тарраш долу мостагІий а бохуьйтур бу. Ас паччахьна уллохь мел верг – цуьнан тІеман хьехамчаш а, цуьнан дерриг эскар а – массо а маьІІехула дІасалоллур ду, ткъа Со баттара даьккхинчу туьраца тІаьхьавер ву царна.
Выбор основного перевода