Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Лqac*атийра Везачу Эло Цийонехь цІе, иза бухара дуьйна яга а еш. ОьгІазвахара Веза Эла, Шен дералла тІехьажийра Цо Цийонна тІе. Кестта Аса шуна тІе охьаІанор ю Сайн дералла, ткъа Сан оьгІазалла шуьга кхочур ю. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, Ас бекхам а бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гІуллакхашка хьаьжжина. Со, Сайн дераллех Іаьбна ваьлча, Со карзахвуьйлучуьра соцур ву. Суна синтем хир бу, кхин оьгІаз а гІур вац Со. ТІаккха Ас куьйгаш вовшах тухур ду, Ас Сайн оьгІазвахар Іабор ду. Иза Аса боху, Везачу Эло». Цундела, Исраил-мехкан лаьттах Соьгара болу хаам а беш, дІаала цуьнан лаьмнашка а, гунашка а, Іаннашка а, тогІешка а: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас Сайн карзахваларца а, оьгІазвахарца а дІабохуш ду хІара, хІунда аьлча кхин къаьмнаш шух кхаьрдаш хилла’“.
Выбор основного перевода