Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа Хьайн халкъ, Якъубан тІаьхье, дІа ма тесна, хІунда аьлча нах малхбалера долчу Іадатех буьзна бу, пІелаштамхоша санна, цара бозбунчалла леладо, ткъа хийрачу къаьмнийн нахаца тІекаре ю церан. Хьовса, хийциний цхьана а къомо шайн деланаш, церан метта кхин деланаш а лехна, уьш цхьана а тайпана деланаш боццушехь? Амма Сан къам шайн сийлаллин Делах дІа а къаьстина, хІумма а йоцучу цІушна тІедирзина. Айса аьллачуьнга ладогІарх дІакъихкинчу шайн дайша летийначу къиношка юхабирзира уьш. Кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал йора цара. Исраилан а, ЯхІудан а тІаьхьенаша Аса шайн дайшца бина барт бохийра. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Сан парзашца шу ца лелара, Аса тІедехкинарш кхочуш а ца дора аша, ткъа шайна гонах дехаш долчу къаьмнаша тІелаьцна бакъонаш аша ларйора“». Хьо, цара леллийнарг а лелош, церан дегазчу некъашкахула лелла а ца Іаш, кІеззиг хан ялале, царал а телхина лелара. Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – хьан йиша йолчу Седам-гІалано а, цуьнан зудабераша а ца леладора ахьа а, хьан зудабераша а лелийнарг. Шамран-гІалано ахьа диначул ах а вон ца дина. Хьо ю дегаза хІуманаш деш царал а тІехъяьлларг. Хьоьца нисбича, хьан йижарий цІена хета. Ас, царна тІехь толам а баьккхина, церан массо а хІума хІонс санна дІахьур ду. Аса тІом бийр бу йохийначуьра юхаметтахІиттийначу гІаланашна дуьхьал, кхечу къаьмнашкара гулдинчу халкъана дуьхьал а. Оцу халкъан даьхни а, бахам а бу, иза дуьненна юккъехь Іаш ду›.
Выбор основного перевода