Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІенна тІехиттина гІишлош йира. Чухулара езачу чоьнна гонах а йолуш, агІонаш тІехь гобаьккхина яра оцу гІишлойн чоьнаш. ГІишлойн тІехиттина чоьнаш лакхалла тІекІелйина яра, кхо гІат а долуш. Хьалхарчу гІатан шоралла пхи дол, шолгІачу гІатан ялх дол, ткъа кхоалгІачу гІатан шоралла ворхІ дол бара. Цу тІе хоьттина йолчу гІишлона тІедехкина долу тІеш Везачу Элан цІийнан оганна чу ца диссийнера. И тІеш оцу тІехоьттиначу оганийн терхина тІедехкинера. Юккъерачу гІат тІе воьдийла цІийнан аьтту агІор дара. Цу чу воьдуш, горга а долуш, тІегІанаш дара, ткъа оцу чуьра тІехуларчу кхоалгІачу гІат тІе а цу тайппана долчу тІегІанашна тІехула волура. Цу стага со арахьарчу керта валийра. Цигахь суна чоьнаш гира. Ерриге а цу кертахула йиллина тІулган цІенкъа яра, уллохь ткъе итт чоь а йолуш.
Выбор основного перевода