Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа цо Делан цІа дуьстича, иза дохалла бІе дол дара, ткъа шена тІехь и гІишло лаьтташ йолу малхбузера майда юьстича, цуьнан йохалла а бІе дол яра. Делан цІенна хьалха малхбалера майда юьстича, иза а шоралла бІе дол яра. Делан цІенна тІехьа йолчу майданна дуьхьал лаьтташ йолчу гІишлойн йохалла, цуьнан шина а агІонгахь йолчу чоьнашца цхьаьна, юьстира цо. Иза а бІе дол хилира. Делан цІийнан йоккха чоь а, чухулара чоь а, уче а, Къилбаседехьарчу некъа тІехула арахьарчу керта а ваьккхина, цу гІишлонна а, цунна дуьхьал йолчу майданна а хьалха къилбаседехьа йолчу чоьнашна тІе вигира цо со.
Выбор основного перевода