Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уггар езачу чухуларчу чоьнна чу воллучохь йолу неІарш зайт-диттан дечигах йинера, церан пхи са болу гур бара. Оцу зайт-диттан дечигах йина йолу неІаран шина декъа тІехь а аьгна дина дара маликийн а, диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ. Оцу массо хІуманна а деши диллира. Иштта езачу чоьнна чу воллучохь а хІоттийнера зайт-диттан дечигах йина неІарш, ткъа церан гураш биъ са болуш бара. Кхин ши неІ яра зоьзан-диттан дечигах йина. Оцу шина неІаран шишша дакъа меттахдоккхуш дара. Царна тІехь а даьхна каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ дара. Оцу суьрташна тІе а цхьатерра аьгна деши диллира. Цул тІаьхьа цо, со Делан цІийнан езачу чоьнна чу а валийна, пенан гІортораш юьстира. Церан хІора а агІонан шоралла ялх-ялх даларан барам хилира – иштта яра хІора пенийн гІорторийн шоралла. Цул тІаьхьа цо ерриг а чоь юьстира. Иза йохалла ткъа дол яра, оццул шуьйра а яра. Цу стага соьга элира: «ХІара меттиг уггар еза чоь ю».
Выбор основного перевода