Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, малхбалехьа дІадерзийна динчу кевнна улло а вахана, цуьнан ламеш тІехула хьала а ваьлла, неІсагІа дуьстира цо. Оцу неІсагІин шоралла цхьана гІожан барамехь яра. Делан цІийнан йоккхачу чоьнан неІарш тІехь дехкина, пенаш тІехь дерш санна долу, каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара. Ткъа ученна хьалха дечигах йина лаба яра. Къилбаседехьарчу некъа тІехула арахьарчу керта а ваьккхина, цу гІишлонна а, цунна дуьхьал йолчу майданна а хьалха къилбаседехьа йолчу чоьнашна тІе вигира цо со. Кертарчу пенан шораллехь, къилбехьа, майданна дуьхьал а, йоккхачу гІишлонна дуьхьал а яра чоьнаш. Цо соьга элира: «Майданна хьалхара къилбаседехьара а, къилбехьара а чоьнаш еза ю. Цу чохь Везачу Элана сагІанаш дохучу динан дайша уггар деза сагІанаш доу. Цу чу цара уггар деза сагІанаш – кІен сагІа а, къинан сагІа а, гІуда такхаран сагІа а – хІиттор ду, иза еза меттиг йолу дела.
Выбор основного перевода