Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта езачу чоьнна чу воллучохь а хІоттийнера зайт-диттан дечигах йина неІарш, ткъа церан гураш биъ са болуш бара. Цул тІаьхьа цо ученан ков дуьстира – иза бархІ дол хилира, ткъа цуьнан пенийн гІорторан шоралла ши дол яра. И уче Делан цІийнан ков долчу агІор яра. Пенийн гІорторийн лакхалла юьстича, иза кхузткъа дол яра. Ткъа ков кертан пенан гІорторана тІекхаччалц гонах догІура. Кевнна чухула а, церан пенийн гІорторашкахь а массанхьа а дІакъевлина кораш дара. Иштта ученна чухула массанхьа а изза кораш дара. Ткъа пенан гІорторана тІехь диллина хурма-диттан суьрташ дара. Цул тІаьхьа цо, со Делан цІийнан езачу чоьнна чу а валийна, пенан гІортораш юьстира. Церан хІора а агІонан шоралла ялх-ялх даларан барам хилира – иштта яра хІора пенийн гІорторийн шоралла.
Выбор основного перевода